Iамеркан мозгIар маьршаваьккхина туркойн Iедалша
1,5 шо гергга набахтехь хан текхира Брансона, цул тIаьхьа масийтта баттахь цIера дIасавала дихкина латтийра иза. 2016-чу шарахь Туркойчохь карчам бан гIоьртинчаьрца хилла ву аьлла, безкевора иза Iедалша. Террорхошца зIенашкахь хилла ву аьлла, пIераскандийнахь кхо шо хан кхайкхийра туркойн кхелахоша цунна, амма йиссина хан шайн пачхьалкхехь а ца йоккхуьйтуш, Iамерке дIахьажийна.
Хонкаре масийттазза кхайкхамбира Вашингтоно Брансон дIахецар тIедожош, иза гунахь цахилар а чIагIдеш. Кху аьхка иза маьршавакха Туркойчоьнан кхело дуьхьало йича, Iамерко санкцеш туьйхира туркойн хьаькамашна.
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатинй президенто Трамп Доналда пIераскандийнахь шен твиттерехь яздинера, Брансон кесста шен даймахка кхочург хилар тешна ву ша аьлла.