Навальный Алексей маьршаваьккхина
"Ас чохь даьккхинчу 50 дийно юха а дуккха а тоьшаллаш гайти вайна, хIара раж телхина хиларан. Нагахь кху лецаршца вай кхерор ду моттахь, и бакъ дац", - аьлла Навальныйс, ша маьршаваьккхинчул тIаьхьа.
Митингаш дIаяхьаран къепе масийттазза ша йохийна хиларна, шена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло а сахьт дац аьлла, тешна ву Навальный Алексей.