Юучух дIавш даьлла Соьлжа-ГIаларчу дарбан хIусаме кхачийнарг 17 стаг
"Соьлжа-ГIаларчу инфекцийн лазарийн центре кхачийна 17 стаг. Шахьаран кафечохь котам йиинчул тIаьхьа, чуьйрашкахь лазарш хааделла хилла царна. ПIераскандийнахь 12 сахьт даьллачу хенахь валийна дарбан цIийне 17-гIа лазархо", - аьлла, билгалдаьккхина министралло.
Ишта цара даредарца, 15 стаг лоьрийн тергонехь вьуссуш ву, царлахь ши бер а ду. Хьалхо балийначех 6 цIахь дарба лело араваьккхина, шиъ гIоле хилла дIавахна. Нохчийчоьнан прокуратурнао талламаш бу дIахьош оцу гIуллакхна гонах. Шеконашкахь хилла кафе дIакъевлина.