Ша карзахваьккхинера питанчаша аьлла Нурмагомедовс Путине
Цул совнах, Оьрсийчоьнан куьйгалхочо шена хетарг аьлла, латарш дирзинчул тIаьхьа Нурмагомедовс хьовсархошлахь скандал ярх. Шена питанаш динера, цундела са ца тохаделира шега аьлла кIелхьаравала гIоьртинера Хьабиб.
"И провокацеш лерина лелош ма яра, хьо чуьра ваккха. Вай боккха цхьа доьзал бу, кеп-кепара къаьмнаш чохь а долуш. Доьзалехь хIуъа а нисло. Нагахь арахьара вайна цхьаъ тIелеташ велахь, хьо-м хIунда дуьйцура, вай массо а ду кхийссадала кийчча. ТIаккха царна моьттург бакъ дац", - аьлла Путин Владимира.
Нурмагомедов Хабиба эшийра Макгрегор Конор Лас-Вегасехь хиллачу UFC латарехь. ЙоьалгIачу раундехь цо садукъочу кепехь лецира ирландхо.
Латар дIадирзинчул тIаьхьа йоццучу хенахь тасаелира Нурмагомедовн а, Макгрегоран а тобанаш. Летарш дIасабехира сихха юкъалилхинчу хадархоша а, оцу сарахь леташ хиллачу кхечу спортхоша а.