Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта Абдурахманов Тумсогахь
Кадыров Исламца конфликт хилла Абдурхаманов Тумсо 2015-чу шарахь дуьйнна Гуьржийчохь вара. Цара тховкIело ца еллачул тIаьхьа, Полше дехьаваьллера иза шен доьзалца.
Маршо Радионо байначу баттахь яздира, видеоблогерна Абдурахманов Тумсона тховкIело яла дуьхьало йина Полшин Iедалша аьлла. Фейсбукерчу шен пена тIехь бинера цо и хаам.
Шен динчу дехарехь Абдурахмановс дагадоуьйту, Полша адамийн бакъонаш Iалашъен Конвенци а, дуьненаюкъара бакъонаш а тIечIагIйинчех, политикан бахьанашца Iедалхоша хьийзочу нахана тховкIело лур ю аьлла, тIелаьцначех хилар.
"Ас доьху сан бакъонаш юхаметтахIиттор, со а, сан доьзал а набахтера маьрша а баьккхина, тхуна паргIат даха бакъо ялар. Нагахь суна тIехIотта шайн аьтто бацахь, дуьхьало а ца еш, кхечу пачхьалкхе дIаваха бакъо йита соьгахь", - аьлла бу лакхахь билгалъяьхначу организацешка а, урхаллашка а Абдурахмановс бина кхайкхам.