Iарбойн оппозиционеран журналист лоьху Туркойчуьрчу СаIудан векалтехь
Туркойн Iедалхойн векалшна хетарехь, кIира хьалха вайна Хашогги Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан векалтехь вийна хила тарло. СаIудера журналист вар толлучу гIуллакхна тIехь терго латтош ву ша аьлла, дIахьединера туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа.
Хашоггин доттагIчо бахарехь, СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллан гIишло чу вахна иза, кхи цу чуьра араваьлла вац. СаIудан консулаллехь тIе ца дитина шайна дехкина бехкаш. Iамеркан пачхьалкхан департаментехь дIахьедина, ситуацина тIехь само ю шаьш латтош аьлла.
Iарбойн, Малхбузен хаамийн гIирсашца юкъаметтигаш латточу Al Arab News каналан директор вара Хашогги Джамал. Иза дика вевзара Эр-Рияда лелочу политикех критика ярца.
2015-чу шарахь саIудахойн "Аль-Хайят" газетан агIонехь артикл зорбане яьккхира цо, "СаIуда Iаьрбийчоьнна кхерам буй-те Путинера?" аьлла.
Цу тIехь оьрсийн президент "кхетам боцуш ву", "къиза а ву", "цунах тешам бац" аьлла, яздинера Хашоггис.