Украино дIавеллачу Тумгоевна йиттина Оьрсийчохь
Цо дийцарехь, Тумгоевн гергарчу стага телефонехула къамел дина цуьнца, Патигорскерчу номер 2 йолчу талламан изоляторехь иза волуш. Цигара дIа Бури-гIала дIавигинчух тера ду Тумгоев. Гарехь, иза саготта ву шена набахтехь яьккха ехха хан тоха мегаш ю аьлла.
Хьалхо Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро хаам бинера Украинин Iедалшка, шайга дIавелла Тумгоев Белгородерчу номер 3 йолчу талламан изоляторехь ву аьлла.