Нохчийчохь некъахьовзамехь йийна 40 шаре яьлла зуда
Бохам хилла Соьлж-ГIалара Горагорске боьдучу некъа тIехь. Жимачу машенна урхалла деш хиллачу стага гIалат а далийтина некъахяьлла 5 адам чохь долу машен.
Иза тIекъелялар бахьана долуш йийна 44 шо долу зуда. Кхин а цхьа зуда а, кхиъна йогIу ши йоI а, ша машенлелорхо а дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клинике.