Скрипаль ямартхо а, боьха Iума а ю аьлла Путина
"Цхьаболчара Скрипаль бакъонашларъярхо иза волуш санна хьехаво. Иза могIарера шпион, дамахкана ямартхо ву", - аьлла Оьрсийчоьнан президенто. Цо аьллачунна реза хилла тIараш туьйхира гулбеллачара. Путинна дийцарехь, Скрипальна а, цуьнан йоIана а гонаха иккхина шпионан дов "леррина марсадоккхуш ду".