Митингехь дакъалацарна 2 стаг 12 денна чувоьллина Магасехь
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, 30 шо долу Нестеровское эвлара вахархо а, Экажевора 32 шо долу вахархо а лаьцнера полисхоша Магасан го олучу меттехь хиллачу дуьхьалонан акцехь. И акци хьажийна яра Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш ГiалгIайчоьнан куьйгалхоша бинчу бартана дуьхьал.