Дотацеш лучу регионашна юкъахь 4-чу меттехь хир ю Нохчийчоь
ТIедогIучу шарахь Нохчийчу хьажор долчу дотацийн терахь алсамдаккха сацам бина Оьрсийчуьрчу Iедалша. Цунах лаьцна яздо РБК зорбанан гIирсо.
2019-чу шарахь Нохчийн Республике хьажор ду 30,4 миллиард сом. Стохка и терахь дара 27 миллиард сом.
Дустуш аьлча Камчаткина лур ду 37,4 миллиард сом, Якутина - 46,9 миллиард сом, ткъа Дагестане хьажор ду 66,3 миллиард сом.