Евкуров: Нохчийчоьнна ца делла мехкадаьттан маьIданаш йолу латтанаш
Евкуровс чIагIдарехь, Даьттаха эвлан дакъа Нохчийчоьнна дIалуш тидаме эцнера ГIалгIачоьнна оьшург. Оцу меттехь ду мехкадаьтта доккхучуна сацийна 19 рагIу, сегIаз алсам хиларна пайда эца мегар доцу.
Евкуровс кхеторехь, мехкдаьтта цигахь даккха гIоьртича харж алсам ер ю, пайда хуьлчулла а. Техула тIе цу 19 рагIух 16 ГIалгIайчоьнан территори тIехь дисина, тIетуьйхира цо.