"Кавказ" некъ а къовлуш, дуьхьалонан акци хилла ГIалгIайчохь.
И акци дагабевлла йина яцара цара Iедалшца.
"Кавказский узело" бинчу хаамца, баккхийчара дехар дарна машенаш дIаехира. Болчу хаамца, Магасе балийна Росгвардин эскархой.
Мехкадаьттан маьIданаш долу латтанаш Нохчийчоьнна дIаделла бохург харц ду, аьлла дIахьедар дира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цунах лаьцна цо элира оршотан дийнахь шен депутаташца а, юкъараллан жигархошца а Нохчийчоьнца доза къасторна хьажийна хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Евкуровс чIагIдарехь, Даьттаха эвлан дакъа Нохчийчоьнна дIалуш тидаме эцнера ГIалгIачоьнна оьшург. Оцу меттехь ду мехкадаьтта доккхучуна сацийна 19 рагIу, сегIаз алсам хиларна пайда эца мегар доцу.
Евкуровс кхеторехь, мехкдаьтта цигахь даккха гIоьртича харж алсам ер ю, пайда хуьлчулла а. Техула тIе цу 19 рагIух 16 ГIалгIайчоьнан территори тIехь дисина, тIетуьйхира цо.