Полисхошна тIелетта аьлла, хенаш тоьхна Нохчийчуьрчу бахархошна
Нохчийчьурчу Лакхарчу кхело Дагаев Самиран а, Магомедов Аюбан а, Радуев Iийсан а, Хамзатов Сулимана а бехкхилар тIе а чIагIдина, ворхI шарера итт шаре кхаччалц набахтехь такха хенаш йиттина царна.
ПхоьалгIа бехкевийриг кхалхарца дуьхьал даьккхина гIуллакх дIакъевлина.