Донецкехь динчу эккхийтарехь виъ стаг лазийна
Меттигерчу "политикан партин" съезд йоьдучу гIишлочохь дина эккхийтар. "Съездо шен болх берзийна, делегаташ чуьра арабовлчучу заманчохь дина эккхийтар", - хаамбо Украинерчу зорбан агенталло.
Байначу беттан 31-чу дийнахь "Сепар" олучу ресторанехь динчу эккхийтарехь вийра Донецкерчу администрацин куьйгалхо Захарченко Александр.
Сепаратистийн шайлахь хилла криминалан конфликташ бахьана долуш вийна хила тарло иза аьллера Украинан къайлахчу сервисаша. Иштта Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш бехкехилар а юкъара ца доккхура цара.