140 де дуьзна тутмакха Сенцов Олега мацалла хьоьгу
Украинан Лакхарчу Радано адамийн бакъонашна тIехь Iуналла латто векал йинчу Денисова Людмиле еаридийнахь кехат яздина Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонашларъяран кхеташонан (СПЧ) коьртехь лаьттачу Федотов Михаила тутмакхерчу хьолах хоуьйтуш.
Когаш тIехь латтарца Сенцов халонаш хьоьгуш хиларца диспансеран тергонехь латтош ву иза, ишта кху аьхка дуьйнна инфузионан терапи ю цунна хIора денна еш яздина Федотовс. СПЧ-н куьйгалхочо даредарца, "бертаза лоьрашка дарба дайта охьавуьллучу хьолехь вац иза".