Нурмагомедов я МакГрегор?
Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ирландхойн латархо МакГрегор Конор тIехсов амбицеш йолуш, эпатаже жугарг ву аьллера.
Оцу гонах Маршо Радионо шен сайтан агIонехь хаттар хIоттийнера, мила бехкево аш шина латархочун юкъаметтигаш талхарна аьлла. Долчу жамIашца, Нурмагомедов ву бехке, цо провокаци йинера аьлла 8 % ешархоша. МакГрегорна бехкбуьллу хаттамехь дакъалаьцначу 23 %, цо Хьабиб аьшнашварна аьлла.
Ший а ву бехке аьлла 8 %. Сан бала бац аьлла, юстах виссина 62 % процент вахархо.
ХIара кхаж Iилманца нисбина бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо. Реза дацахь, таро ю кхи цкъа а кхожах чекхдовла.