Политковская Анна дагалоцуш акци хIоттаяйта дуьхьал бу гIалин Iедалхой
КIирандийнахь болош бу боху белхаш, акци ца хIоттаяйта бахьана ду аьлла хета жигархочунна. Стохка а иштта дуьхьало йинера цара, шайн цу дийнахь цхьа барам бу дIахьош аьлла. Политковская дааглоцуш пикет дIахьо элира цара, Кировна I3 чакхарма гена йолчу Коминтерн эвлахь. Бакъоларъярхо, журналист Политковская Анна гIараелира Оьрсийчоьанн Iедалх а, Нохчийчуьрчу хьолах а, къаьсттина адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх материалаш зорбане яхарца. 2006-чу шеран 7-чу дийнахь ша ехачу цIийнан лифт чохь тапча тоьхна йийра журналист.