Инстаграм кхоьллинчара шаьш компани дIатосуш хиларх хаийтина
1 миллиард доллар мах а белла 2012-чу шарахь эцнера Фейсбуко Инстаграм сервис. ХIетахь дуьйна Систром а, Кригер а коьртачу директоран а, техникан говзанчийн а даржашкахь вара.
Фейсбукна шайца юкъарло лелорна баркалла а олуш, тIейогIучу хенахь ша а, шен коллегас а керла кхоллараллин проекташ юкъайохур ю аьлла инарла директоро Систрома.
Ткъа Цукерберга тIаьххьарчу 6 шерачохь шена "дуккха а хIума Iамийна" цушиммо аьлла.