Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


Бажа бажор тоьлу тIаме воьдучул. Беларусерчу нохчийн доьзалх

Антон Трафімовіч

Уладзь Грыдзін

Радыё Свабода (Беларусан сервис)



 


2016-чу шарахь Далхьан Нохчийчохь вара, эскархо, амма ца хилира реза Украине тIаме ваха. Иза къарван, резаван гIиртира хьаькамаш. Цундела шен доьзал а эцна давахара махкара. 16-за гIоьртира Брестехула Польше кхача, аьтто ца белира, висира Далхьан Полесьехь.


Цхьана беларусийн юьртахь (кхерамзаллица доьзна, меттиг ца йовзийтар дехна журналисташка) хIинца бажа бажабо эскаршлахь леллачо, бохка хьокхамаш бо цуьнан цIийннанас. Малхбузерчу Европе дехьабала а ца лаьа хIинца доьзална.







"Ас ца дуьйцу доттагIашка, со кхузахь бажа бажош вуйла"


Кху кIиранах Далхьан ша ву болх беш – вац накъост, дац мукъаденош. Iуьйккъехь, 4 даьлча, гIотту, сахьт хан еза вилспетахь ферме кхача. Оьзна девлча, дажо дуьгу цо даьхни, сарахь чулохку. 200 корта бу бажа. Буса Iаржъелча кхочу шен цIа.


"Суна цкъа а ца моттара сайх бежIу хир ву", - боху Далхьана.


Цхьа шо ах шо бен юьрта веъна дацахь а, кхузза хийцина цо болх. Юьхьанца цIеяйархо вара иза. Юха бежанашна хIоъ луш Iийра фермехь, амма цигахь тIех къезиг лора ахча, цундела вахара бажа бажо. ХIинца догIу беттан алапа ду 400 беларусийн сом (200 доллар гергга).


"Ас ца дуьйцу доттагIашка, со кхузахь бажа бажош вуйла. Эхь хета. Даима а эскархо а лелла, хIинца – бежаIу. Дела къинтIера волийла суна, ас цаьрга со цIеяйархо ву олу", - дуьйцу Далхьана.


Зудчо, Заирас, и санначу къайленех "нохчийн понташ" олу, дан а ма даций бежаIу хилар доккха хIума!







"Бакъдерг аьлча, бен-башха а дац суна, хIун болх кхузахь айса бийр бу, доьзал кхабабелчхьана", аьлла хета Далхьанна.


​"Сан контракто ца бохура ас адамаш дайа деза"


40 шо ду Далхьанан. Контрактехь волуш алссам ахча доккхура цо. "700 доллар лора, хIумма а деш хьо вацахь", дуьйцу цо. Даймахкахь 300 квадратан метр цIа дара цуьнан. ВорхI бер ду цуьнан а, Заирин а.


Донбассехь ваша вийра Далхьанан. Цуьнга шина пачхьалкхан доза лардеш хир ву баьхнера, амма Донбассе хьажийна хилла.


ТIаме гIо аьлла буьйр дира Далхьане а. Цунна ца лиира. "Сан контракто ца бохура ас адамаш дайа деза. Со реза ца хилира, гIур вац элира ас. Реза цахилларш трибунал буха бахийтина меттигаш а яра. Вуьтур вацара со", - боху Далхьана.







2017-чу шеран бIаьста Далхьан а, Заира а, бераш а эцна, Бресте дахара. Атта хир ду моьттура царна Малхбузерчу Европе кхача. Дозанехь массо а мехкийн векалш Iа, цаьрга бакъдерг дIадийцичхьана тоьа, цара хьайна езза пачхьалкх ваха къастайойту, моьттура Заирина.


Бресте схьакхоччушехь элира цаьрга, Полшин дозанехь ма дийцалаш шаьш Германе я Франце даха дохку. ТховкIело еха ца мега Польшехь саца бен.


"Со кхоьрура Полше ваха а, Беларусехь саца а"


Ца кхечира Далхьан а, Заира а я Германе а, я Полше а. Уьш 16-за гIоьртира дозанал дехьарчу полшахойн Тереспол гIала дехьабовла, ца битира.


Ахча кхачош дара. Брестехь лоцучу хIусамах дийнахь-буса 20 евро доккхура. Кхаа кIиранах вокзалехь буьйсанаш ехира доьзало. Цкъа цхьана мозгIаро шен килсе дIабигира уьш, Беларусехь совца хьийхира.


"Цо доккха гIо дира тхуна. ХIинца со, гIо аьлча а гIур яцара Полше", боху Заирас.


Дукха ца Iаш уьш кхиерш санна йолчу белорусийн Полесьерчу юьрта баха бахара. Далхьана а, Заирас а доьху юьртан цIе цахьахор. Шайн яххьаш а, элира, ма гайта.


Царех ца хуьлу Беларусехь мухIажирш. Уьш "колхозе" балха хIиттина, цундела царна махкахь баха бакъо елла Iедало. Белхан хIусам а елла доьзална. Цара коммуналах бен ца ло ахча.







"Кхузахь дукха ду деса цIенош. Колхоз а ю, нах а ца тоьаш, болх бан луучунна", дуьйцу Заирас.


Майрачо доккху ахча доцуш, ша Заирас доккху баттахь 800 сом (400 доллар). Кхо шо кхачаза долчу шина беранна а ло ахча. Юкъ-кара духар, деша оьшу гIирс а бохьу царна волонтераша. Ахча юуучух дIадоьдду.


"ХIинца санна лахара алапа сан сайн дахарехь а ца хилла. Амма хама бо ас. Леткъа къехьа ма дай. Дала яздина-кх ишта. Хан яьлча атта хила а тарло", элира Далхьана.


Картолаш а, цIазамаш а кхиор дуьххьара нисделла доьзалехь


Нохчийн юьртахь даьхначу Далхьанна а, Заирина а тIех тийна хета беларусийн юьрт. Нохчийчохь нах вовшашна тIеоьху, гIовгIа-гIар лаьтта йиллина. Ткъа Беларусехь урамехь цхьа наггахь бен стаг а ца го.


"Iа, аьхке – башхалла а яц. Арахь цхьа наггахь а ца ловзу бераш. Нехан даьхни, ков-керташ лело деза, цундела хир ду-кх тийна", аьлла хета Далхьанна.


Даьхни кхара а долийна лело. Сиха Iохарий до уьстагIаша, котамаш деба. Керт лелайо, кхара а. "Аьхке цIазамашна юкъара ара ца довлуш яьккхира бераша", боху Заирас.







Кестта зIакардаьхненна бун йийр ю цара. Цкъачунна котамаш бен яцахь, тIедогIучу шарахь гIезаш а, москалш а лелор ю.


Башхалла йоккха ю церан "шина дахаран". Даймахкахь доккха цIа, тоьлла машен, дика болх бара. Кхузахь – юьртан йистера кхаа чоьнах лаьтта цIаьлг, 10 стагна кхо вилспет, бежаIучуьн болх.


"Кожалг карахь бажа бажор тоьлу герз лелочул. Хилларг дагалеца ца лаьа суна. Бажа лаьллина лелар тоьлу, пайда алсам бу цунах", аьлла хета Далхьанна.


Беларусийн мотт Iаьмна берашна


Шена хууш кхин а массех нохчо ву Беларусехь сецна, кехаташ схьаоьцуш, боху Далхьана. Цхьаъ веха Брестехь. Амма шаьш юьрт харжар нийса дара, боху Далхьана а, Заирас а – дика ду берашна юьртахь.


"Брестехь тхо долуш, цара ца доьшура, ца кхетара хIуманнах а. Ткъа тхо кхуза сехьадевлча самалха делира берийн. Ловза меттиг шортта ю кхузахь", - боху Заирас.


Уггаре жимахчух, борхIалгIачу берах, "белорус" олу цушимма – кху юьртахь вина ву иза.


Белорусийн мотт хаьа берашна. Йоккхахйолчу йоIа шайна школо цIахь бан белла болх белорусин маттера оьрсийн матте боккху – тIакха тIаьхьакхуьу нана маIнина, гIо до хIоранна а.







"Къамел кху бераша сиха деш, ца кхета со доллучух а, леткъа Далхьан. ХIора классехь а вац массех дешархо бен. Беларусехь берашна алсам а, дика а Iема даймахкахьчул, боху Заирас.


"Беларусино мехала лору дешар, Нохчийчохь дацара ишта. Суна сайн бераша кхузахь шайна корматаллаш Iамайойла лаьа", элира цо.


Хенан йохалла цIа эца дагахь бу нохчийн доьзал. Масийтта эзар долларх  эца йиш ю юьртахь дегчиган цIено.


"Тхан цхьацца Iалашонаш ю кхузахь. Бераш дешна, институташ яьхна довллалц дер ду кхин а 15-20 шо", аьлла бу Далхьанан а, Заирин а сатийсамаш.







Юьртахь мерза хIуманаш ен фабрика, я бепиг ден меттиг схьаелла дагахь ю Заира. Цкъа шен кIентан доттагIчунна чIепалг деллера цо сагIийна, вукхо иза шена нене кхаллийтина, оцу хенахь дуьйна мехах, шайний-шайний бохуш, дойту цуьнга юьртахоша нохчийн чIепалгаш.


"Оха ойла йо ехха, гергара хилла дIахIиттинийца хIара нах, олий, тхуна гIо до кхузахь дукхахболучара", - иштта мах хадабо юьртахойн Заирас.

Читайте на сайте

Другие проекты от 123ru.net








































Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net