Нохчийчуьра кхерамаш туьйсу МакГрегор Конорна
КарабогIучу баттахь Нурмагомедовн а, МакГрегоран а хиндолчу латарх дуьйцуш яхначу пIераскан буса пресс-конференци дIаяьхьира.
"Даьсса къамелаш дан хьо говза ву, Конор. Пресс-конференцига хьажча хиира суна и. И къамелаш могуьйту хьуна Ирландехь, Iамеркахь, кхин а цхьаццанхьа а. Делахь а, Нохчийчоьнах, я Кавказах хьо вистхилале ахь ойла ян еза цкъа хьалха, хIун мегар ду дийца, хIун мегар дац. Айхьа дийцинчух жоп дала дезар ду хьан я ринг тIехь, я цул арахьа", - дIахьедо Халиевс. Доьзалан сийдайар ца дуьту нохчаша аьлла латархочо.
"Цундела айхьа дийцинчунна дохко а вале, катоххий хьайна гечдар деха", хьоьху Халиевс МакГрегорна.
Нурмагомедов Хьабибан а, МакГрегор Конора а хиллачу пресс-конференцехь масийттазза сийсазвира Хьабиб ирландхочо. Нохчийчоьнан куьйгалхо диктатор ву а аьллера цо.
КарабогIучу беттан 6-чохь Лас-Вегасехь летар ву Нурмагомедов а, МакГрегор а.