ГIажарийчохь парадехь адамаш дайар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкхо"
Терроран тIелатар дар шена тIелоцу ша аьлла хаам бинарг ю Iаьрбийн радикалан "Къоман дуьхьало" цIе йолу тоба.
ТIаьххьарчу хаамашца, Ахваз гIалахь тIеман парадехь герз диттина вийна 24 стаг. Царна юкъахь эскархой боцурш зударий а, бераш а ду. 60 гергга стаг чевнаш йина ву. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан зорбанан гIирсаша яздарехь, тIелатар дина 4 стаг вийна.
Шот дийнахь тIеман парадаш хилира цу пачхьалкхехь масийтта гIалахь. Уьш хьажийна яра 1980-1988-чу шерашкахь хилла Иракъан а, ГIажарийчоьнан а тIом болабеллачу денна.