Нохчийчоьнна тIехула зудчунна урс тоьхна стаг чувоьллина Сызранехь
Ша Нохчийчохь бина тIом бийца волавеллачу цо, "адам ден мел атта ду хаьий хьуна" аьлла, чоже урс тоьхна зудчунна. Чов а лаьцна араялаелла иза, амма цул тIаьхьа кхетамчура яьлла. Наха сихонца лоьраш кхайкхар бахьана долуш дийна йисина дархо.
Зуламхо лаьцнера полисхоша оццу дийнахь.
Ткъа хIинца, цу зудчо, ша кIинтIера яьлла хилар а хаийтина, таIзар луьра ца дар дехнехь а, 3 шо 4 бутт хан тоьхна кхело зуламхочунна колонехь дакхха.