Доккха Нохчийчоьнан карта гучудер ду Соьлж-ГIалин юккъерчу майданахь
Картана юккъехь боьмаша бесца гайтина хир ю Соьлж-ГIала. Цигахь лаьттш хир бу боккха некъан чиркх. Цунах лаьцна дийцинчу Соьлж-ГIалан архитекторо Зелимханов Абдулрешида билгалдаккхарехь, и арт-объект йилла дагадеанарг ву Кадыров Рамзан.
Карта а долуш, майда схьаеллар цхьа дакъа ду Соьлж-ГIалан 200 кхачар даздеш кечйинчу мероприятийн.