Ставрополан махкахь некъахьовзамехь вийна Нохчийчуьра вахархо
И бахьана долуш машен, некъах а яьлла, хаьрцина. Цунна урхалла деш хилла 45 шо долу Нохчийчуьра вахархо велла. Цуьнца машенахь хиллла Ростохара вахархо велла дарбанан хIусамехь. Башкортостанера волу шолгIа некъахо кIелхаьрваккха гIерташ бу лоьраш.
Некъан полицин векалша бинчу хаамца, некъахьовзам хуьулуш царах цхьа а доьхка дIатесна ца хилла. Машенлелорхо малар мелла ца хилар а билгалдоккху полицин белхахоша.