Къевлинчу роже даьккхина Титиевн гIуллакх листар
Цуьнца цхьана, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина тов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацра.
Титиев лаьцна полицин белхахоша, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо уьш полисхоша тесна ю боху шена.
Дуьненаюкъарчу бакъонашларяън вовшахтохараллан тIедожорца дехар дина Iедалшка, Титиев маьршаваккха аьлла.