ДуьнентIехь цIеххьана лахделла терактийн терахь
Iамеркерчу говзанчаша далочу терахьашца, стохка кху дуьнентIехь хилла 8584 теракт. И терахь 23 процентана лахара ду 2016-чу шарахь хиллачул а. Цу терроран тIелатаршкахь вийна 19 эзар стаг.
2017-чу шарахь теракташ хилла 100 гергга пачхьалкхехь. Царах дукхах ерш йина ОвхIанистанехь а, Иракъехь а, Индехь а, Пакистанехь а, Филлипинашкахь а. Царна юкъахь уггаре зе хилларг ю ОвхIанистан. Цигахь вийна 4672 стаг.