Котар-Юьрта бомбанаш еттарх лаьцна хаттарш хьажийна Оьрсийчоьне Европан кхело
Цуьнца доьзна цхьамогIа хаттарш хьажийна кхело Оьрсийчоьнан Iедалшка. 2019-чу шеран Дечкен-беттан 18-гIа де тIекхачале царна жоп дала дезаш ю Оьрсийчоь, хаам бина "Мемориало".
Котар-Юьрта бомбанаш йиттира Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша Чиллан-беттан 4-7-чу деношкахь. И бахьана долуш вийра лаххара а цу эвлара 46 вахархо. Цхьаболчу хаамашца, байинчеран терахь лаххара а шозза алсам ду. 100 сов котар-юьртахо чевнаш йина вара.