ГIебартошна а, балкхарошна а юкъахь Кенделенехь иккхина дов дIакхаьчна Налчике
Болчу хаамца, иттаннаш къепедацаршкахь дакъалаьцна нах лецна полицино Нальчикехь.
Дов даларан бахьана ду 300 сов шо хьалха хилла боху хилам. ГIебартоша чIагIдарехь, цу къомах болчу наха ГIирмерчу ханан эскар юхатоьхна хилла балкхаройн латтанаш тIехь болчу ломахь (цундела иза шайн лоручух тера ду гIебартоша). И хилам базбеш хIора шарахь говрашкахь цу лома баха гIерта гIебартой, балкхаройн эвла а хадош. Иза товш боцу балкхарой дуьхьал болу цу акцина хIоразза а.
Изза хилла ши де хьалха цу шина къоман векалшна юкъахь дов далалуш а.