Бертаза субботнике даьхнера шаьш аьлла студенташа а, белхахоша а
Шоьтадийнахь бертаза шаьш субботнике арадахарх дийцина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу студенташа а, белхахоша а.
Кеп-кепарчу министраллийн, хьукматийн белхахоша а, студенташа а, дешархоша а дакъалаьцна гIалин урамаш цIандечу субботникехь, агенталло хаамбарца.
"Шоьтан сарралц бохург санна субботникехь дара тхо. Урамашкахь нораш хьоькхуш, бордюрашна басарш тухуш, территореш битаме ялош",- аьлла дийцина, Хеда цIе йолчу школазхойн хьукматан белхахочо. "Дайна мукъаденош дара" аьлла Марет цIе йолчу кхечу белхахочо.
Лакхарчу доьшийлашкарчу студенташа даредарца, цу дийнахь дешарна юкъара а баьхна, субботнике арабаьхна хилла уьш а. Дицарехь, Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар даздан кечамаш бу Нохчийчохь дIахьош.
ГIалин администрацин белхахоша бахарехь, Ерригоьрсийчоьнан экологин акцин гурашкахь дIакхайкхийна ду субботникаш дIадахьар.