Парижехь уьрсаца динчу тIелатарехь нах лазийна
КIиран суьйранна гIалин Къилбаседа Малхбузерчу кIоштахь хилла и инцидент. Журналисташа Iорадаккхарца, бахьана а доцуш, кинотеатре баьхкинчу нахана тIелетта зуламхо юьхьанца, цул тIаьхьа урамехь дIасалелачу нахана балеваьлла.
Рейтерс агенталло хаамбарца, полицино цкъачунна хилларг теракт санна ца лору.