Каспийскехь карийнарг Омарова Калимат яц
Хьалхо "Къилбаседа Кавказан бакъдерг" газетано ницкъаллийн структурашкарчу шен хьостанна тIе а тевжина, дIахьединера, хинан каналчуьра хьаладаьккхина дакъа Омарова Калиматан хила тарло аьлла.
Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 29-чохь, бепиг эца яхна 8 шо долу Омарова Калимат ярах. Эзарнашкахь наха лоьхуш ю иза, амама ларах кхетта бац хIинца а.