Ангарскерчу колоне дIехьаваькхкина Дадаев
2015-чу шеран Чиллан-баттахь Москохарчу Москворецкан тIайтIехь тапча тоьхна вийра Немцов. Зуламна бехкебира Нохчийчуьра Бахаев Хьамзат а, Дадаев Заур а, Эскерханов Темирлан а, ишта вежарий ГубашевгIар Анзор а, Шадид а.
20 шо хан тоьхна Дадаевна, вукхарна 11 шарера 20 шерашка кхаччалц хенаш йиттина.