Суьлийн пелхьочо шен хьуьнар гайтина «Грозный-Ситехь»
"Грозный-Ситехь" лекхачу шина гIишлонна юкъахула волавалар шен дагахь лаьттарг ду аьллера Абакаровс кхушарахь Стигалкъекъа-баттахь Петарбухехь шен хьунар гойтуш ша волуш.
Дай а пелхьой хиллачу цо дийцарехь, и трюк кечйина хилла цо Соьлж-ГIалин денна лерина. Цунна кечам бина Абакаровс 3 дийнахь. Пелхьочо шен хуьнар гойтуш цуьнан кхерамазаллах жоп хилла да Абакаров Руслан. "Грозный-Ситехь" болх беш хилла алпинистийн тоба а.