ТIехьа-Мартанан кIоштан суьдо набахте хьажийна талорхо
Нохчийчуьрчу прокуратуран векалша бинчу хаамца, 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь Дениев нехан хIусамна чуваьлла хилла Серноводскехь. «Zoraki Lom-S» олучу спортехь лелочу тапчанца кхерам а тесна, ахча даккха гIоьртина иза хIусамдайшкара.
И зулам дарна Дениев колоне хьажийна луьрчу хьелшакахь 7 шо 2 бутт хан такха.