Нохчийчохь хийцина иттанаш лецна нах хьийзийна полицин декъан куьйгалхо
Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, и нах лецна хилла, меттигерчу полицин декъан хьаькима Катаев Аюба омар а делла. И стаг цу даржера дIаваьккхина.
Устрада-гIалахь лецна хиллачу нахана ницкъ бина, бакъонца йоцучу герзхойн тобанийн декъашхой хилар даре де бохуш. Цул сов иттаннаш нах чохь бахкош хилла масийтта стаг а бен чутарлуш воцучу камерина.
Кавказ.Реалиино дийцарехь, хилларг бахьана долуш Оьрсийчьурчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчьрчу урхаллан куьйгалло даржах вохийна Катаев. Цуьнан метта хIоттийна полицин подполковник Алханов Артур. Иза ву чоьхьарчу гIуллакхийн министран Алханов Русланан кIант.