ДжабраиловгIеран ловзаро инзарбаьхна журналисташ
20 шо долчу Джабраилов Ахьмада ялийнарг 18 шо долу Заурбекова Хьава ю. Нохчийн пачхьалкхан университетан дешархо ю иза.
Британин Daily Mail хьостано хаамбарца, 500 гергга хьеший хилла цу ловзаргахь Москохарчу Safisa ресторанехь гулбелла. 3 миллион сом мах болуш хилла тойнехь хадийна торт.
Маршо Радионо яздира, Four Seasons отелехь герзаш диттина аьлла, Москохарчу полицино лаьцна Нохчийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан векал лаьттина, "Аванти" ассоциаци кхоьллина Джабраилов Iумар, аьлла. ГIуда а тоьхна, партин могIаршкара дIаваьккхира иза гIуллакх теллинчул тIаьхьа.