"Донецкан Халкъан Республикана" оьшу гIо дийр ду ша аьлла Кадыровс
"Донбассна тIехIоьттинчу кху халчу дийнахь, тхо шуьца ду, оха цхьалха дуьтур дац шу", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.
"Мекарчу, ямартчу талорхоша вийна Донбассан бакъволу патриот, халкъан лидер, бакъонехьа, нийсонехьа къийсам латтийна Захарченко", - билгладоккху Кадыровс.
Ишта Кадыровс дIахьедарца, "демократи, дешан маршо, адамийн бакъонаш" бохуш, дозаллаш дечу Европан бала бац, Украинан Iедалхоша "террорхой, талорхой, зуламхой" шаьш долчахь тIе а гулбина, цаьрга герз а делла, уьш дIахецарца.