Нохчийчохь даккхий мехаш хир ду аьлла
Оцу юкъанна Ноьвран, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Грозненскан, Гуьмсан, Куьршалан, Шелковскан, Сунжан кIошташкахь цIераш йийла кхерам лаьтта кху деношкахь аьлла, хаам бу орцан министраллан сайт тIехь.
Ватс апп получу интернетан гIирсехула орцанхойн урхаллера хаамаш кхаьчна шайга, дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Нохчийчуьрчу бахархоша, йочана хир ю аьлла.