"ДаIишхошка маре" филм ца тайна зорбан министрна
Инзаре харцо лерина зорбан министро оцу филмехь кеп-кепара гойтучу суьрташлахь, гоьваьллачу UFC-н латархочун Тайсумов Майрбекан сурт гайтар.
"Тайсумов Майрбек – оьрсийн, нохчийн спортан дозалла ду. Цхьана а агIор хьакхалуш вац иза я даIишхойх а, я церан зударех, я даIишан идеологех. Суна жоп оьшу: хIунда ву царлахь Тайсумов Майрбек? Мича бух тIехь цуьнан дахар кхерамна кIел хIоттош ду шу? Я ларамза хилла хIума ду иза, я хаа а хууш гойтуш ду аш цуьнан сурт? ДIа а ца тоьттуш, катоьхна жоьпаш оьшу суна цу хеттаршна", - аьлла, билгалдаьккхина Умаров Джамбулата.
Цул совнах, оцу филман экспертийн жамIаш довза а луур дара шена аьлла министро.