Бесланехь белларш дагалоьцу кху деношкахь
ХIолламна тIе зезегаш дахка баьхкира Iедалхой - политикан партийн, ницкъаллийн структурийн, юкъараллин орзанизацийн векалш, коьртехь мехкан куьйгалхо Битаров Вячеслав а волуш. Луларчу регионашкара делегацеш а яра тезетан барамехь дакъалоцуш.
2004-чу шарахь школана динчу тIелатарехь 334 стаг вийра. ТIемалоша закъалтехь латтийра кхаа дийнахь 1128 стаг.