Сепаратистийн лидер Захарченко вийна Донецкехь
Дийцарехь, Донецк гIалин юккъерчу "Сепар" цIе йолчу ресторанехь дина эккхийтар. "ДНР-н" лидеран резиденцина гена йоццуш ю и ресторан.
Зорбанашкахь яздарехь, цуьнца цхьана лазийна сепаратистийн кхи цхьа хьалханча Тимофеев Александр.
2014-чу шарахь дуьйна вара Захарченко "ДНР-н" куьйгаллехь. Донбассера конфликт ерзош дIадаьхьначу Минскан бертан дийцарийн документаш тIехь цуьнан куьйг ду. Масийттазза дIахьедира цо, ша "Киеве кхача" кийча ву аьлла.
"Интерфакс" агенталло дийцарехь, Донецкерчу сепаратисташа шеконашца масех стаг лаьцна, Захарченко вер толлуш. "Украинхойн диверсанташ" бу уьш, чIагIдо цара.
Хьалхо кеп-кепарчу хьелашкахь байира бевзаш болу сепаратистийн тIеман куьйгалхой – Павлов Арсен (Моторола), Толстых Михаил (Гиви), ишта Луганскехь а, Луганскан кIоштахь а хIаллакбира сепаратистийн лидерш. Украина бехкейо сепаратисташа, уьш байарна.