Минех латтанаш дIа а цIандина, план кхочушйина Нохчийчохь
ГIалгIайчохь хIинца а белхаш дIахьош бу. 150 гектар майда минех цIанйина сапераша. Охан-бутт карабеачхьана оцу шина а республикехь латтанаш цIандан долийнера минех.
400 сов эскархо а, минаш лоьхучу хьукматара говзанчаш а, лерина Iамийна жIаьлеш а тIеоьзнера латтанаш минех паргIатдахархьама.