Школашкахь кхиазхойн радикализм божаршка - хьехархошка эшаяйта еза аьлла Жириновскийс
"Божарий нуьцкъала бу, кхиазхошна авторитетете а хета уьш", - яздо политико. Цунна хетарехь, зударий тоьлла хьехархой а, дика наной а бу, цундела доглазар алсам ду цаьрца.
Карарчу беттан 20-чохь Нохчийчохь кхиазхоша полисхошна тIелатар дичхьана политикийн гонашлахь йийцаре яьккхина террорхойн тобанашка кхиазхой дIаийзоран тема.
Маршо Радионо яздира, дахначу оршотдийнахь Нохчийчохь масех тIелатар дарх. Дийцарехь, 11 шарера 17 шаре бевлла кхиазхой хилла полисхошна тIелеттарш.