ТIемало хиллачу Батаев Русланна суд йийр ю Нохчийчохь
Талламхойн версица, 1999-чу шарахь Гезгмашин-баттахь «Сары-Суйн джамаIат» олучу тобанах дIахетта хилла Батаев. Цуьнан декъашхоша, Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла а деш, тIелатар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралан декъана. Хиллачу тIамехь вийна 15 эскархо, кхин а 28 чевнаш йина а хилла.
Таллам бечу юкъана лаьцна латтош вара Батаев. Цуьнан гIуллакх, юьстахдаьккхина теллина а далийтина, дIахьажийна Нохчийн Республикан Лаккхарчу кхеле.