Оьрсийчуьра 31 шо долу Мохьмад-Iела С. лаьцна Берлинехь
Болчу хаамца, иза лаца бакъо елла хилла прокуроро кху беттан 9-чу дийнахь. Мохьмад-Iела С. лаьцна федералан а, Берлинан а криминалан полицин белхахоша.
Инарлин прокуратуран пресс-хаамехь дуьйцуш ду, и стаг пачхьалкхан дуьхьал вуно доккха зулам дан дагахь хиларна шеко йолуш лаьцна хилар. Оьрсийчоьнан махкахо вехачу хIусамах хьажна талламхой.