Бевзаш боцчу наха йохийна "Эхо Москвы" радион YouTube-ра канал
"Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс дийцарехь, иза хила Москох 2 сахьт даьлчхенахь.
Цу каналан хилла 200 эзар язвалархо. Цу тIехь арайохуш хилла радионо кечйеш йолу программаш, эфире йовлуш хилла студера онлайн трансляцеш.
Венедиктовс бинчу хаамца, и программаш дехьайохур ю "Эхо Общество" канале.