Дарбан цIийнера араваьккхина Клых Станислав
Хьалхо Маршо Радионо яздира, Мангал-беттан 28-чу дийнахь ФСИН-ан Магнитогорскерчу психиатрин цIийне дарба лелон дехьаваьккхина аьлла.
"Дарбан курс чекхъяьлла, Клых набахте юхавигина. Шен лаамехь валийнера иза дарбан цIийне. Карарчу хенахь шен могушалла ялхош вац иза", - аьлла Павловас агенталле.
2016-чу шарахь лецира украинхой Клых Станислав а, Карпюк Николай а Нохчийчохь тIемаш бина, оьрсийн эскархой байина а ву аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.