Юха а белла дIабовллалц набахтехь буьтуш кхел йина тIемалошна
Маршо Радионо яздира, цушинна дуьхьал керла бехктакхаман дов долийна хиларх Оьрсийчоьнан прокуратуро.
Талламхоша чIагIдарехь, Крымшамхалов а, Деккушев а декъашхой хилла Басаев Шемила а, Хаттаба а куьйгалла а деш, 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Червленни эвлан йистехь Оьрсийчоьнан тIеман коврана тIелатар диначу тобанан.
Цу тIамехь вийра 15 эскаррхо, 28 чевнаш йина вара. Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь хилла кхиберш лехамашкахь бу аьлла, яздина Талламан комитето шайн сайтехь.