Автоматашца нах тIе а хIитттина дов хаьттина Хазбиевн
Юьззинчу гIишло чохь нахана а хезаш тийсира Бековс адвокатна кхерамаш.
Кху шеран Дечкен-баттахь Нохчийчуьра юхавеача дIалецира Хазбиев Мохьмад. Иза бехкевора герз латторна а, Iедалхой сийсазбарна а, цул тIаьхьа масех бутт баьлча кхин а бехкаш дуьхьал дехира оппозиционерна - социалан группашкахь цабезам а, гамонаш а самсаяхарна.
РогIера кхеташо дIаяьхьира Хазбиевн гIуллакх кегош оршотдийнахь. 2015-чу шарахь ХазбиевгIеран цIийнах хьовсучу заманчохь видеосъемка йинчу Гадаборшевга хеттарш дан дезаш дара цу дийнахь, амма иза кхеле ца веанера.
Адвокато Ибриевас тIедожийра баллистикан экспертиза дIаяьхьна эксперташ а, Хазбиевс лачкъийна йигина боху машен хIоттийна меттиг хууш ву аьлла, билгалваьккхина Имагожев а левар.
Хьалхо Хазбиевс дIахьединера, полисхоша тIехь ницкъ а бина, алийтина Имагожевга, Хазбиевгара ша машен эцнера аьлла.
Кхеле баьхкинера бакъонашларъярхо Юсупова ПетIамат а, юкъаралхо, публицист Албаков-Мяршхи Руслан а, юрист Хаутиев Багаудин а, Хазбиев Мохьмадан гергарнаш а.
ТIедогIучу еаридийнахь кхи дIа хьур долуш ду довхаттар.